Android

Android («Андро́ид») — телефонашна а, планшетин компьютершна а, электронан жайнашна а, терахьийн проигрывательшна а, телевизоршна а, нетбукашна а, смартбукашна а лерина операционан система. ТIаьхьалонна и система машенашна а ян лаам бу. И операционан система Linux олучу ядро тIехь а, Google компанин шен долара Java Virtual Machine виртуальни машенан тIехь а кхоьллина ю. Кхолла йолийна хилла Android Inc. компанис, амма тIаьхьо цаьргара и кхоллам схьаэцна Google компанис. Цул тIаьхьа цо кхоьллина Open Handset Alliance (OHA) альянс, хIинца Android-н накъосталла а, иза кхин дIа кхиаяран а белхаш беш йолу. Android ОС аьтто ло Java-приложенеш кхолла, Google библиотекашна чухула урхалла деш йолу. Ткъа Android Native Development Kit-н гIоьнца библиотекаш а, приложенин компоненташ а партировать яло, нагахь санна уьш я Си а, я кхечу программа хӀотторан меттанашкахь кхоьллина елахь. 2014-чу шеран шолгIачу кварталехь йоьхкинчу смартфонийн 86% чу хIоттийна хилла Android операционан система.


Developed by StudentB